Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Цуьнан сийлаллин цІарна абаденналц хастам бойла. Цуьнан сийлаллех дерриг дуьне а дузийла. Амин! Амин! Берриг а Сан безачу лам тІехь зен а, зулам а хир дац, хІунда аьлча, хино хьалабузу хІорд санна, Веза Эла вовзарх хьаладуьзна хир ду латта. И де тІекхаьчча, Ярушалаймера дийна хиш оьхур ду, царах ах хиш Дуьрачу хІордехьа, ткъа дисина ах Дуьненаюккъера хІордехьа. Иштта хир ду аьхка а, Іай а. Ткъа Веза Эла дерриг а дуьненна тІехь Паччахь хир ву. Цу дийнахь цхьа Веза Эла бен Дела санна лорур вац, Цуьнан цІарца бен Деле кхойкхур бац.
Выбор основного перевода