Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Къа ду хьан, халкъ, чІана даьккхина доцу чІана даккхархо! Хьан а къа ду, цхьаммо а ямартло йина воцу ямартхо! Нах чІана баьхна хьо даьлча, хьо а доккхур ду чІана. Ямартло йина хьо даьлча, хьуна а йийр ю ямартло. Ливанун-махкахь ахь лелийна зуламаш хьуна тІедоьрзур ду. Ахь дийнаташ хІаллакдарна, акхароша хьо а кхерор ву. ХІунда аьлча адамийн цІий а ахь Іанийна, иштта мехкашна а, гІаланашна а, царна чохь мел бехачарна а ахь къизалла а йина. Шен сийлаллица со вахийтинчул тІаьхьа, массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху Шен халкъана талораш динчу халкъашка: «Сан халкъах дІа мел хьакхавелларг уггар беза болчу Сан йоІбІаьргах дІахьакхавелла.
Выбор основного перевода