Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
ХІокху товрат-хьехаман дерриге а дешнаш оцу тІулгаш тІехь дІаязде. Ткъа яздинарг дика дешалуш хилийта хьажа». Везачу Эло соьга элира: «Поппаран йоккха экъа схьа а эций, йозанан гІирсаца къаьсташ дІаязде цу тІехь: „МахІир-Шалал-Хьаш-Баз“». Везачу Эло элира: «ХІинца, ваха а гІой, экъан тІехь дІаязде иза царна, тептар тІе язде, тІейогІучу ханна, гуттаренна а иза дисийта. Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хІунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хІаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хІуманна дохко а даьлла, Шена тІедерза лаьа Цунна. Иштта, дІаязде хьайна гиначух а, долуш долчух а, хиндолчух а лаьцна.
Выбор основного перевода