Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Якъуба элира, Рахьална оьгІаз а вахана: «Хьуна бераш ца деллачу Делан метта-м вац со?» Раабанна ца хаьара хилларг. ГІуна тІе вахача, цигахь Юсуп а ца гина, холчу хІоьттина, шена тІера хІуманаш этІийра цо. Холчу хІиттина, шайна тІера хІуманаш этІийра вежарша. Юха, шайн варраш тІе маххьаш а дехкина, гІала юхабаьхкира уьш. Везачу Эло вен а воь, чу са а кхуллу, стаг Іожалле дІа а хьажаво, веллачуьра ден а во. Исраилхойн паччахьо шен махкахь мел волу къано схьагулвира. Цо цаьрга элира: «Тидам а беш, хьовсалаш, и стаг вайна зулам даккха воллуш ву. Бен-Хьадида ша сан зударий а, кІентий а, сан дети а, деши а шен ду аьлча, аса цунна дуьхьало ца йира».
Выбор основного перевода