Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма цо шега бохучуьнга ла ца дуьйгІира. Шаула элира: «Аса хІума юур яц». Амма Шаулан ялхой цу зудчуьнца цхьаьна, хІума яа бохуш, дехар дан буьйлабелира цуьнга. Эххар а Шаула цара бохург дира. Лаьттара хьала а гІаьттина, иза метта охьахиира. Шена уьш гича, исраилхойн паччахьо ЭлишаІе хаьттира: «Сан да, уьш байа безий те аса?» Шовзткъа эмкална Дамасакх-гІалара уггар тоьлла долу совгІаташ тІе а дехкина, Хьазиал ЭлишаІана тІевеара. Цунна хьалха дІа а хІоьттина, Хьазиала элира: «Арамхойн паччахь волчу хьан кІанта Бен-Хьадида, хьуна тІеваийтина со: „Кху цамгарх толур вуй те со?“ – аьлла, хаттар дан».
Выбор основного перевода