Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха паччахьо шен куьг тІетовжош волчу тІеман хьаькамо Делан стаге элира: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?» Вукхо жоп делира: «Хьан бІаьргашна иза гур ду, амма цунах хІумма а ахьа юур яц!» Куьг тІетовжош хилла волу шен тІеман хьаькам паччахьо гІалин кевнехь гІаролехь дІахІоттийнера. Ткъа халкъо и тІеман хьаькам кевнехь хьаьшира. Иза цигахь велира. Ша волчу паччахь веанчу хенахь, Делан стага цуьнга хир ду ма-аллара, дерриг а кхочушхилира.
Выбор основного перевода