Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхин а элира цуьнга Везачу Эло: «Хьайн куьг чета диллал». Мусас куьг чета диллира. Юха цо иза схьадаьккхича, ло санна, кІайн хьаьттарш тІехь а йолуш, цамгар лаьцна хилира куьг. Четарна тІехула марха хьалаайаелча, Мареман дегІ ло санна кІайделира, цунна юха ца йоьрзу чкъуран цамгар кхийтира! АхІарон, юха а вирзина, Мареме дІахьаьжча, цунна гира Маремана кхераме йолу чкъуран цамгар кхеттийла! Везачу Эло Іузи-ЯхІу-паччахьна дІа ца йоьрзу чкъуран цамгар кхетийтира. Иза велла дІаваллалц и цамгар цунна тІехь лаьттира. Цундела иза къаьстина лаьтташ долчу цІа чохь Іаш вара. Ткъа паччахьан кІанта Йовтама паччахьан цІенна тІехь хьаькамалла а дора, мехкан халкъана тІехь урхалла а дора.
Выбор основного перевода