Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІара совгІаташ хьан лай йолчу аса сайн олахочунна деана ду, цунна гІуллакх деш лелаш болчу кегийчу нахана дІадала. Паччахьо элира Даниале: «Баккъалла ву шун Дела массо а деланийн Дела а, паччахьийн Олахо а, къайленаш йовзуьйтуш волу, хІунда аьлча хьуна а и къайле Цо йовзийтина дела». Ас сайгара омра луш ду муьлххачу а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу нахах Шадракан, Мешакан, Іабди-Нагин а Дела сийсазвинарг, аьтта, кескаш йина карор ву, цуьнан цІа саьлнаш йина карадойтур ду, цу Деле санна, кхин цхьана а Деле кІелхьарваккхалур воцу дела». Ас омра до, сан пачхьалкхан массо а маьІІехь адамаш, кхерамах дуьзна, дегадойла Даниалан Далла хьалха аьлла, Иза дийна волу Дела хиларна а, Цуьнан дахар даим долу дела а. Делан пачхьалкх йохалур йоцуш ю. Цуьнан олалла кхачалур доцуш ду. Стигалахь а, лаьтта тІехь а тамашийна гІуллакхаш а, тамашийна билгалонаш а гойту, паргІат а воккху, кІелхьара а воккху Цо. Лоьмийн ницкъах Даниал ПаргІатваьккхинарг а Иза ву». Царах цхьаъ, ша товеллий а хиъна, мохь туххуш Далла хастам а беш, вуха вирзира.
Выбор основного перевода