Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шамшона цаьрга элира: «Аса хІетал-метал лур ду шуна. Той дІахьочу ворхІ дийнахь шуна иза хаахь, аса гатанан ткъе итт духар а, хуьйцуш юха ткъе итт тІехулара бедар а лур ю шуна. Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ваха-м гІур вара вайшиъ иза волчу, амма цунна яхьа хІума ма яц: тІоьрмаг чуьра бепиг а кхачийна, цунна дала цхьа а тайпа совгІат а дац вайгахь. Цу Делан стагана вай хІун лур ю?» «ХІумма а ца хилла, – аьлла, жоп делира ялхочо. – Сан олахочо хьоьга хІара ала ваийтина со: „Эпрайм-лаьмнашкарчу пайхамарийн тобанера ши пайхамар веана со волчу хІинцца. Доьху хьоьга, царна ши пунт дети а, хуьйцуш тІеюха ши бедар а яийтахьа“». НаІамана элира: «Схьаэцахьа йиъ пунт дети». Цо дехарш дора, схьаэца бохуш. ТІаккха дети а, хуьйцуш юха ши бедар а, шина тІоьрмаг чу а йиллина, иза дІабихкира НаІамана. Шен ялхойх шиъ, ГІайхьазина хьалха а ваьккхина, и тІоьрмагаш цаьрга дІабахьийтира цо. паччахьо Хьазиале элира: «СовгІат схьа а эций, Делан стагана дуьхьал гІо. Цуьнга Везачу Эле хаттар дайта: „Кху цамгарх толур вуй со?“ – аьлла». Шовзткъа эмкална Дамасакх-гІалара уггар тоьлла долу совгІаташ тІе а дехкина, Хьазиал ЭлишаІана тІевеара. Цунна хьалха дІа а хІоьттина, Хьазиала элира: «Арамхойн паччахь волчу хьан кІанта Бен-Хьадида, хьуна тІеваийтина со: „Кху цамгарх толур вуй те со?“ – аьлла, хаттар дан».
Выбор основного перевода