Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Ибрама Седаман паччахьна жоп делира: «Везачу Элана, стигал а, Латта а кхоьллинчу Веза Воккхачу Далла хьалха дІакховдийначу куьйгаца чІагІо йо ас, хьан долахь долчух цхьа хІума, ур-атталла тай я мачин бахтар а схьаоьцур дац аьлла. Суна ца лаьа хьоьга алийта: „Аса Ибрам ваха хаийна“. ЭлишаІ-пайхамаро элира: «Шена ас гІуллакх деш волчу а, дийна волчу а массо а ницкъийн Везачу Элах чІагІо йо аса, яхІудхойн паччахь ЯхІушапти айса лоруш вацахьара, со хьо волчу агІор хьожур а вацара, хьо ган а луур дацара суна аьлла. Делан стеган ЭлишаІан ялхочо ГІайхьазис ша-шега элира: «Сан олахочунна ца лии оцу арамхочуьнгара НаІаманера цо деана совгІат схьаэца. Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо аса, цунна тІаьхьа а ведда, аса сайна цхьа хІума схьаоьцург хиларх». «И бакъ дац, – элира пайхамаро ялхочуьнга. – Сан дог хьоьца дара, и стаг, шен гІудалкха чуьра охьа а воьссина, хьуна дуьхьалвогІуш. Ахча, бедар, зайт-диттийн боьлакаш, кемсийн бошмаш, уьстагІий, хьелий, леш я гІарбашаш цхьаьнггара а схьаоьцу зама ма яц хІара!
Выбор основного перевода