Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хьо хІинцца дІавало цига, аса исраилхойн паччахье яздина кехат дохьуьйтур ду хьоьца» – элира паччахьо. НаІамана, дІа а вахана, ткъа пунт дети а, ялх эзар шекхал барамехь деши а, хуьйцуш тІеюха итт бедар а схьаийцира шеца. «ХІумма а ца хилла, – аьлла, жоп делира ялхочо. – Сан олахочо хьоьга хІара ала ваийтина со: „Эпрайм-лаьмнашкарчу пайхамарийн тобанера ши пайхамар веана со волчу хІинцца. Доьху хьоьга, царна ши пунт дети а, хуьйцуш тІеюха ши бедар а яийтахьа“».
Выбор основного перевода