Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЭлишаІа шен ялхо волчу ГІайхьазига элира: «Схьакхайкхахьа оцу шунамхочуьнга». Ялхочо иза схьакхайкхира. Шунамхо, схьа а еана, цунна хьалха дІахІоьттира. ГІайхьази кху шиннал хьалха дІакхечира. Цо и Іаса кІентан юьхь тІе охьайиллира, амма кІант вист ца хуьлура я меттах ца волура. ТІаккха ГІайхьази, ара а ваьлла, ЭлишаІана дуьхьалвахара. «И бер сама ца долу», – элира цо. ГІайхьазига схьа а кхайкхина, ЭлишаІа элира: «Шунамхо схьакхайкхахьа». ГІайхьазис схьакхайкхира шунамхо. Иза чу еача, ЭлишаІа: «Схьаэца хьайн кІант», – элира цуьнга.
Выбор основного перевода