Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Уьш Эпраман лаьмнаш тІехула а, Шалшин латтанашкахула а, ШаІлиман латтанашкахула а хьоьжуш лийлира, амма виркхелаш царна ца карийра. Бен-Яманан латтанашкахь а лийхира цара уьш, амма виркхелаш цхьанхьа а яцара. Шаула шен ялхочуьнга элира: «Ваха-м гІур вара вайшиъ иза волчу, амма цунна яхьа хІума ма яц: тІоьрмаг чуьра бепиг а кхачийна, цунна дала цхьа а тайпа совгІат а дац вайгахь. Цу Делан стагана вай хІун лур ю?» Ткъа Іийсас элира: «Уьш дІабаха оьшуш дац. Аша лур ю царна яа хІума». Мурдаша Цуьнга элира: «Вайгахь йолу шаерг а пхи хьокхаммий, ши чІарий бен яц». Ткъа Іийсас элира: «Уьш Со волчу схьаял». Цо, нах бай тІе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Цул тІаьхьа, мурдаша тІаьхьайисинчу яа хІуманах шийтта тускар дуьзира. Цигахь яа хІума йиъначарна юккъехь, зударий, берашший доцург, пхи эзар боьрша стаг а вара. Шен мурдаш тІе а кхайкхина, Іийсас цаьрга элира: «Суна къахета оцу нахах, хІунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хІума яц. Уьш меца дІабахийта Суна ца лаьа, новкъахь уьш мацалла кхин а чІогІа гІел ца балийта». Мурдаша Цуьнга элира: «ХІокху юьстахчу меттехь вайна мичара карор ю оццул долчу халкъана яа хІума?» Іийсас цаьрга хаьттира: «Маса бепиг ду шуьгахь?» Цара жоп делира: «ВорхІ бепиггий, масех чІарий бу». ТІаккха Цо массо а стаг лаьтта охьахаийра. ВорхІ бепиггий, чІерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дІадоькъура иза. Массара а шаьш дуззалц хІума йиира. ТІаьхьайисина йолу яа хІума мурдаша схьагулйича, ворхІ тускар хьаладуьзира. Адамийн тобанна юкъахь виъ эзар стаг вара, зударий, берашший ца лерича а. Амма Іийсас жоп делира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хІума». Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Оха, дахана, массарна а ши бІе динари ахчанах бепиг а эцна, иза дао-м ца деза царна?» ТІаккха Іийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь? ГІой, хьовсал». Бепиг маса ду а хиъна, цара элира: «Тхоьгахь пхи хьокхам а, ши чІара а бу-кх». ТІаккха, и нах берриш а сийначу бай тІе охьаховшабе аьлла, омра дира Іийсас мурдашка. Уьш, бекъа а белла, бІе а, шовзткъе итт а цхьаьна а болуш, охьахевшира. Ткъа Іийсас и пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дІадийкъира. ТІаккха и ши чІара а массарна бийкъира Цо. Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Кхин а дисинчу баьпкан дакъоша а, бисинчу чІеро а шийтта тускар а дуьзира. Ткъа юуш верг пхи эзар стаг вара. Цуьнан мурдаша жоп делира: «ХІара адам дузо иштта яьссачу меттехь мичахь карор ду оццул бепиг?» Іийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь?» – аьлла. «ВорхІ ду», – аьлла, жоп делира цара. ТІаккха оцу нахе лаьтта охьаховша а аьлла, и ворхІ бепиг схьа а эцна, Деле хастаман доІа а дина, бепиг каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Іийсас, ткъа вукхара иза нахана доькъура. Иштта масех жимо чІара а бара цаьргахь, уьш а, декъалбина, бекъийтира Іийсас. Наха шаьш буззалц хІума йиира. Дисинчу дакъоша ворхІ тускар дуьзира. Ткъа гулделла адам диъ эзар кхоччуш дара. Цул тІаьхьа Іийсас нах дІабахийтира,
Выбор основного перевода