Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бутт а цІинбелла, я кхин долу деза денош тІе а хІиттина, шайн самукъане хан елахь, цунна лерина дийнаташ дагоран а, барт баран а сагІанаш шаьш дохучу хенахь турбанаш лакха. Иза шун Далла шу дагадаийтар хир ду. Со Веза Эла волу шун Дела ву». «ХІора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши старгІа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар. Цара изза дан дезара къастийначу дезачу деношкахь а, керла бутт болалуш долчу дезачу деношкахь а, дезачу шоьтан деношкахь а, хІоразза а Везачу Элана дийнаташ дагоран сагІанаш даьхча а. Яздина билгалдаьккхина ма-хиллара, Везачу Элана хьалха гІуллакх дан дезара левихоша массо а хенахь.
Выбор основного перевода