Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло йилбазмохана юкъахь Эли-ЯхІу-пайхамар стигала хьалавоккху хан тІекхаьчначу хенахь, Эли-ЯхІу Галгал-гІаларчу ЭлишаІца новкъахула вогІуш вара. Бетал-гІаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаІана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дІаоьцург хилар?» ЭлишаІа жоп делира: «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца». Ша веллачуьра денвина хиллачу кІентан нене ЭлишаІ-пайхамаро аьллера: «Хьала а гІаттий, хьо а, хьан цІеранаш а цхьанхьа шайн Іен таро йолчу метте дІагІо, хІунда аьлча Везачу Эло сацам бина, кху махкахь ворхІ шарахь мацалла лаьттар ю аьлла». Оцу зудчун Марем цІе йолуш йиша яра. Марем, Элан когашка а хиина, Цуьнан къамеле ладугІуш Іара. «Со жуьгти ву, Килик-махкара Тарс-гІалахь вина волу, амма кхузахь, хІокху гІалахь, кхиийна ву. Сан устаз хилла Гамлиал. Цо леррина Іамийна суна вайн дайн товратан хьехамаш. Тахана шу санна, хьалха Далла леррина гІуллакх деш вара со.
Выбор основного перевода