Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эли-ЯхІус и кІант, схьа а эцна, лакха тІера охьавалийра. Цо, иза нене дІа а велла, элира: «Хьажал, хьан кІант дийна ву!» Ша веллачуьра денвина хиллачу кІентан нене ЭлишаІ-пайхамаро аьллера: «Хьала а гІаттий, хьо а, хьан цІеранаш а цхьанхьа шайн Іен таро йолчу метте дІагІо, хІунда аьлча Везачу Эло сацам бина, кху махкахь ворхІ шарахь мацалла лаьттар ю аьлла». ЭлишаІа веллачуьра кІант денварх лаьцна ГІайхьази къамел деш воллучу хенахь, цу кІентан нана, паччахье шен цІа а, аре а юха а шен дола яккхийтахьара бохуш, доьхуш йоллура. Ткъа ГІайхьазис элира: «Сан паччахь волу олахо, хІара шиъ ду-кх ЭлишаІа денвина кІант а, цуьнан нана а». Тешар хиларна, зударша шайн делла бераш, ден а луш, схьаоьцуш хилла. Цхьаберш, ницкъ а беш, бойуш хилла, амма цара паргІато схьаоьцуш ца хилла, тоьллачу дахарехь шайн дендалар хилийтархьама.
Выбор основного перевода