Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь пирІуно тамашийна хІума гайта алахь, ахь АхІароне ала: „Хьайн Іаса схьа а эций, пирІунна хьалха охьакхосса“. Іасанах лаьхьа хир бу». Ткъа ахь хьайн некъан Іаса хІорда тІехула дІалаца. ХІорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тІехула чекхбевр бу. Везачу Элан ницкъ боьссира Эли-ЯхІуна тІе. Шен гІодаюкъ а йихкина, Ахьаб-паччахьна хьалха а ваьлла, ИзраІал-гІала дІакхаччалц новкъахула ведда вахара Эли-ЯхІу. ТІаккха, шен тІехула юху бедар схьа а эцна, иза хьарча а йина, хи чу туьйхира Эли-ЯхІус. Хи дІасадекъаделира, и шиъ екъачухула дехьавелира. И бедар, хьарча а йина, ластийна, хи чу туьйхира ЭлишаІа. Цо элира: «Мичахь ву Веза Эла? ХІаъ, мичахь ву Эли-ЯхІун и Дела?» ЭлишаІа Эли-ЯхІун бедар хи чу тоьхча, хи дІаса а декъаделла, ЭлишаІ дехьавелира. ЭлишаІ-пайхамаро, къоначу пайхамарех цхьаъ шена тІе а кхайкхина, цуьнга элира: «Хьайн гІодаюкъ а ехкий, хІара зайтдаьтта чохь долу кхаба схьа а эций, ГалІад-махкарчу Рамат-гІала дІагІо. Шайца я бохча а, я тІоьрмаг а, я мачаш а схьа ма эца, новкъахь маршалла хоттуш цхьаьнцца а совца а ма совца. Цо куьг тоьхна йовлакхаш а, хьалха ухкурш а дІа а кхоьхьуш, цомгуш болчу нахана тІейохкура. Цу нахана дарба хуьлура, ткъа жинаш долчарна чуьра уьш арадовлура.
Выбор основного перевода