Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Къийвеллачу вашас ша хьайна вохкахь, ваца ма ве иза, лай санна. Хьо волчохь Іайта иза, цхьана ханна тІевеана стаг санна, меттахІотторан шо тІекхаччалц. ТІаккха, шен бераш схьа а эцна, гергарчу нахана тІегІур ву иза. Цигахь шен доьзалан латта юха схьаоьцур ду цо. Бетал-гІаларчу пайхамарийн тобано, ЭлишаІана дуьхьал а еана, цуьнга хаьттира: «Хаьий те хьуна, тахана Везачу Эло хьан олахо хьо волчуьра дІаоьцург хилар?» ЭлишаІа жоп делира: «Суна хаьа иза, амма аша цунах лаций цхьаьнгге а ма дийца». Тхо схьадевлла къам тхан вежарий схьабевлларг ду. Тхан кІентий а церан кІентий санна дика бу. Амма тхо тхайн кІентий а, йоІарий а лолла дІадала дезаш ду. Цхьадолу тхан зудабераш хІинца а лоллехь делахь а, тхан йиш яц уьш паргІатбаха, хІунда аьлча тхан кхаш а, кемсийн бошмаш а кхечеран карахь ю». Амма и декхар схьадала цуьнан таро йоцийла хиъча, паччахьо омра дина, иза цуьнан зудчуьнца а, берашца а, цуьнан йолчу салпалца а шен декхар юхадерзорхьама дІавохка аьлла.
Выбор основного перевода