Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Эли-ЯхІус кхузза шен дегІ цу кІантана тІедиллира. Цо доьхура: «Ва сан Веза Дела, юхадерзадехьа цу кІентан дегІа чу дахаран са!» Ша веллачуьра денвина хиллачу кІентан нене ЭлишаІ-пайхамаро аьллера: «Хьала а гІаттий, хьо а, хьан цІеранаш а цхьанхьа шайн Іен таро йолчу метте дІагІо, хІунда аьлча Везачу Эло сацам бина, кху махкахь ворхІ шарахь мацалла лаьттар ю аьлла». ЭлишаІа веллачуьра кІант денварх лаьцна ГІайхьази къамел деш воллучу хенахь, цу кІентан нана, паччахье шен цІа а, аре а юха а шен дола яккхийтахьара бохуш, доьхуш йоллура. Ткъа ГІайхьазис элира: «Сан паччахь волу олахо, хІара шиъ ду-кх ЭлишаІа денвина кІант а, цуьнан нана а». Чувоьссинчу ПахІала, тІе а кхетта, иза мара а воьллина, элира: «Са ма гатде аша, иза денвелла», – аьлла.
Выбор основного перевода