Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Сарата хьуна тІедогІучу шарахь хІоккху хенахь вен волчу кІантаца Исхьакхаца бийр бу Аса Сайн барт». «Со бІаьста юхавогІур ву, – элира царах цхьаммо, – цу хенахь хьан зудчун Саратан кІант хир ву». Царна тІехьа лаьттачу четарна кІелахь йолу Сарат ладугІуш яра церан къамеле. Везачу Элана дан хала хІумма а дуй? ХІан-хІа! Айса ма-аллара, Со бІаьста юхавогІур ву, цу хенахь Саратан кІант хир ву». «Сан эла! Аса ма ца вийхира хьоьга кІант? Со Іеха ма ехьа, ца элира аса хьоьга?» – бохура шунамхочо.
Выбор основного перевода