Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іатал-ЯхІус паччахьалла до ворхІалгІа шо долуш, динан да волу ЯхІу-ЯдаІ, чІагІ а велла, тІеман хьаькамашца берта вахара. Уьш бара: Ярохьаман кІант Іазар-ЯхІу, ЯхІу-Хьанин кІант ИсмаьІал, Іабадин кІант Іазар-ЯхІу, Іади-ЯхІун кІант МаІсей-ЯхІу, Зикрин кІант Эли-Шапти. Берриге а ЯхІуд-махкахула чекх а бевлла, массо а яхІудхойн гІаланашкара левихой а, Исраилан доьзалийн баьччанаш а дІа а гулбина, уьш Ярушалайме баьхкира. Схьагулбеллачу массара а Делан цІа чохь къоначу паччахьца барт бира. ЯхІу-ЯдаІа цаьрга элира: «Везачу Эло Даудан тІаьхьенах лаьцна аьлла ма-хиллара, паччахьан кІант паччахь хила веза. Ткъа аша хІара дан деза: шоьтан дийнахь Делан цІийнан кертахь гІуллакх дан богІуш болу динан дай а, левихой а кхаа декъе бекъалур бу. Царах цхьа дакъа кертан кевнашна уллохь гІаролхой хир бу, шолгІа дакъа – паччахьан цІахь, кхоалгІа дакъа – Бух олучу кевнехь, ткъа дерриг а халкъ Везачу Элан цІийнан кертахь хир ду. Динан дай а, гІуллакх деш болу левихой а боцурш, кхин цхьа а Везачу Элан цІа чу ма валийта. Церан чу баха бакъо ю, уьш базбина болу дела. Ткъа дерриге а халкъ Везачу Эло тІедиллинчуьнца лела деза. Левихоша, шайн карахь герз а долуш, паччахьна массо а агІор, ха а деш, го бе. Везачу Элан цІа чу вала мел гІертарг вийна дІаваккхалаш. Шу паччахьна уллохь хилалаш, иза миччахьа воьдуш велахь а». Динан дас ЯхІу-ЯдаІа де аьлларг дерриг а кхочушдира левихоша а, берриге а яхІудхоша а. Цара хІораммо а шоьтан дийнахь схьабогІу а, мукъабовлу а гІаролхой шаьш долчу схьагулбира, хІунда аьлча динан дас ЯхІу-ЯдаІа хийцабелла гІаролхой дІа ца бахийтира. Делан цІа чохь лаьтташ долу Дауд-паччахьан хилла гоьмукъаш а, кегий а, даккхий а турсаш а динан дас ЯхІу-ЯдаІа гІаролхойн хьаькамашна дІасадийкъира. Дерриг а халкъ, шайн карахь герз а долуш, паччахьна гонах дІахІоттийра динан дас – Делан цІенна къилберачу агІонна тІера къилбаседерачу агІонна тІекхаччалц, сагІа доккхучу кхерчана уллохь а, Делан цІенна уллохь а. ЯхІу-ЯдаІа а, цуьнан кІенташа а, паччахьан кІант ара а ваьккхина, цунна тІе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тІехь язбина тептар а дІаделира. ТІаккха иза, паччахь дІахІотто, даьтта тІе доттарца къобалвира. Наха маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!», – бохуш. Паччахьна хастамаш а беш, дедда догІучу халкъан аьзнаш шена хезча, Іатал-ЯхІу Везачу Элан цІенна юххехь лаьттачу нахана тІеяхара. ДІахьаьжча, шен бІогІамна уллохь, Делан цІенна чу воллучохь, лаьтташ волу паччахь гира Іатал-ЯхІуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Иштта илланчаш а бара шайн зурманийн гІирсашца хастамаш бечарна тІехь куьйгалла деш. Іатал-ЯхІус, шен тІехулара бедарш этІа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» – аьлла. Динан дас ЯхІу-ЯдаІа, эскаран хьаькамаш болу гІаролхой тІе а кхайкхина, цаьрга элира: «Иза могІаршна юкъара дІаяккха, ткъа цунна тІаьхьахІуьттурш туьраца байа». ХІунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цІийнан кертахь ма ейта иза». Паччахьан цІенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара. ТІаккха ЯхІу-ЯдаІа шена а, халкъана а, паччахьна а юкъахь барт бира, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама. Дерриге а халкъо, БаІал-харцделан цІа а дахана, и цІа дохийра. Цара БаІалан сагІа доккху кхерчаш а, цІуш а бохийна дІабехира. Иштта БаІалан динан да волу Матани а вийра цара сагІа доккхучу кхерчашна хьалха. ТІаккха ЯхІу-ЯдаІа левихойн тайпанах болу динан дай къобалбира, Везачу Элан цІийнаца доьзна долу гІуллакхаш дарна тІехь цаьрга куьйгалла дайтархьама, иза Дауд-паччахьо дІахІоттийна ма-хиллара. Уьш Мусан товрат-хьехамаш тІехь яздина ма-хиллара дІахІиттийнера, Дауда тІе-ма-диллара даккхийдерца а, эшарш лекхарца а Везачу Элана хаза хьожа йогІу хІуманаш ягорхьама. Далла гергахь муьлххачу бахьаненна а цІена воцург чу ца вахийта, Везачу Элан цІийнан кевнашка гІаролхой дІахІиттийра ЯхІу-ЯдаІа. Динан дас, шеца тІеман хьаькамаш а, лоруш болу нах а, халкъана тІехь куьйгалла деш берш а, махкара дерриг а халкъ дуьгуш, Юаш-паччахь Везачу Элан цІийнера дІавигира. Цара иза, лакхарчу кевнехула чекх а ваьккхина, паччахьан цІа а вигина, паччахьан гІанта тІе охьахаийра. Махкара дерриг а халкъ самукъадаьлла дара, гІала синтеме яра, хІунда аьлча Іатал-ЯхІу, тур а тоьхна, йийнера. Динан дас, шеца хьаькамаш а, паччахьан гІаролхой а, паччахьан кертан гІаролхой а буьгуш, Юаш-паччахь Везачу Элан цІийнера паччахьан цІенна тІе валийра. ТІаккха паччахьан гІаролхойн кевнна тІе боьдучу новкъахула паччахьан цІа кхечира уьш. Юаш-паччахь шен паччахьан гІанта тІе охьахиира.
Выбор основного перевода