Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Ахьаз-ЯхІун йиша йолчу, ЯхІурам-паччахьан йоІа ЯхІу-ШебаІа Ахьаз-ЯхІун кІант Юаш, паччахьан байа безачу кІенташна юкъара схьа а эцна, дІавигира. И кІант а, иза вакхош йолу зуда а дІавуьжучу цІа чу дигира цо. Иштта, Іатал-ЯхІух къайла а ваьккхина, дийна висира Юаш. Юашан ворхІ шо дара, иза паччахь дІахІоьттича. Цо шовзткъа шарахь, Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе ЦивъяхІу яра. Иза Беар-ШабаІ-гІалара яра. Динан да ЯхІу-ЯдаІ вехачу ханна Везачу Элана нийса хеташ дерг леладора Юаша. ЯхІу-ЯдаІа Юашана ши зуда ялийра. Цара кІентий а, йоІарий а бира цунна. Цул тІаьхьа Везачу Элан цІа карладаккхар дагатесира Юашана. Юаша, динан дай а, левихой а схьа а гулбина, цаьрга элира: «ЯхІуд-махкахь бехачу исраилхошкара хІора шарахь шайн Делан цІенна лерина дети схьагулде. Оцу гІуллакхан сихо а е». Амма левихой и гІуллакх кхочушдан сих ца белира. ТІаккха паччахьо, царна коьртехь волу ЯхІу-ЯдаІ шена тІе а кхайкхина, цуьнга элира: «Ахьа левихошка кхочуш хІунда ца дойту Везачу Элан ялхо волчу Мусас а, исраилхойн гуламо а тІедиллина долу гуламан цІенна лерина ЯхІуд-мехкан а, Ярушалайман а халкъера йогІу ял схьаэцар?» ХІунда аьлча оцу Іесачу Іатал-ЯхІус а, цуьнан кІенташа а, Делан цІа чу а лилхина, даздина долу массо а хІума БаІал-харцделанашна Іамал ярна дІаделлера. Паччахьан омрица цхьа гІутакх дира. Иза арахьа, Везачу Элан цІийнан керта чу воьдучохь, охьадиллира. ТІаккха ЯхІуд-махкахь а, Ярушалаймехь а Делан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь исраилхошна тІедиллина долу Везачу Элана лерина ял яла езарх лаьцна дІакхайкхийра. Халкъан хьаькамаша а, доллучу халкъо а иза хазахетарца тІеийцира. Цара, схьа а дахьаш, ахча тосура оцу гІутакх чу, иза хьаладуззалц. И гІутакх левихошкахула паччахьан гІуллакх деш болчарна тІекхоьхьура. ТІаккха, цу чохь ахча дуккха а гулделла гича, паччахьан йозанчо а, коьрта динан ден векало а, схьа а вогІий, и ахча дІаоьцура. Ткъа гІутакх, дІа а хьой, шен метте охьадуьллура. И къепе цара хІора дийнахь кхочуш а деш, дуккха а ахча гулдора. Паччахьо а, ЯхІу-ЯдаІа а и ахча Везачу Элан цІа нисдаран белхаш тІехь куьйгалла деш болчу нахе дІалора. Ткъа цара тІулг хьокхурш а, дечигпхьераш а тІелоцура, цаьрга Везачу Элан цІа чІагІдайтархьама. Иштта аьчка а, цІестан а пхьераш лоцура цара Везачу Элан цІа чІагІдархьама. И белхаш кхочушбеш болчара чІогІа къа а хьоьгура, церан куьйгашца меттахІоттош беш болу болх кхиамца дІа а боьдура. Делан цІа цара дуьххьарлерчу барамашца юхаметтахІоттийра, иза кхин а чІагІ а деш. Дерриге а гІуллакхаш дина чекхдевлча, дисина ахча паччахье а, ЯхІу-ЯдаІе а дІаделира цара. Оцу ахчанах Везачу Элан цІа чу дІахІитто пхьегІаш яйтира. Иштта Везачу Элана гІуллакх дан лерина пхьегІаш а, дийнаташ дагоран сагІанаш дахарна лерина пхьегІаш а, кедаш а, кхийолу дашо а, дато а пхьегІаш яйтира. ЯхІу-ЯдаІ вехаш мел хиллачу хенахь, Везачу Элан цІийнан кертахь хІора дийнахь даим дийнаташ дагоран сагІанаш дохура.
Выбор основного перевода