Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен кІант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхІун нанас Іатал-ЯхІус сацам бира, ЯхІудан цІийнан паччахьан тІаьхьенах верг массо а хІаллакван. Амма ЯхІурам-паччахьан йоІа ЯхІу-ШебаІата Ахьаз-ЯхІун кІант Юаш, паччахьан байа дезачу кІенташна юкъара схьа а эцна, дІавигира. И кІант а, иза вакхош йолу зуда а дІавуьжучу цІа чу дигира цо. Цу тайпана динан ден ЯхІу-ЯдаІан зуда а, ЯхІурам-паччахьан йоІ а йолу, Ахьаз-ЯхІун йиша а йолчу ЯхІу-ШебаІа Іатал-ЯхІух къайлаваьккхира Юаш. Цундела цо иза ца вийра. Ялх шарахь, Іатал-ЯхІус цу махкахь паччахьалла деш йолчу хенахь, оцу нахаца цхьаьна Делан цІийнан кертахь къайлаваьккхина латтийра иза. Ахьаз-ЯхІу паччахь хІоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо дара. Цо цхьана шарахь Ярушалаймехь паччахьалла дира. Цуьнан ненан цІе Іатал-ЯхІу яра. Иза исраилхойн паччахь волчу Іумарин кІентан йоІ яра.
Выбор основного перевода