Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дагаде, церан цІу-деланаш дІахедабелаш, оцу харцделанийн цІераш а дІаяхалаш оцу меттера. Берриг а Исраил-махкахула дІасабаржийра ЯхІус и хаам. БаІална Іамалъеш болу массо а нах схьагулбелира. Ца вогІуш цхьа а ца висира. Уьш БаІалан цІа чу бевлира. И цІа цхьана йистера вукху йисте кхаччалц дуьзира. Шеца Рахбин кІант ЯхІу-Надаб а вуьгуш, БаІалан цІенна чувелира ЯхІу. «Талла а таллий, дика хьажа, цхьа а Везачу Элана гІуллакх дечарах вуй те хІокху чохь, хІунда аьлча кху чохь БаІална Іамал еш берш бен хила ца беза». Цу чуьра цІу-делан дечиган бІогІам ара а баьккхина, иза багийра цара. Иштта кегбира БаІална хІоттийна тІулг а, дохийра БаІалан цІа а. И меттиг хІинца а цІанонна воьду меттиг ю. Дерриге а халкъо, БаІал-харцделан цІа а дахана, и цІа дохийра. Цара БаІалан сагІа доккху кхерчаш а, цІуш а бохийна дІабехира. Иштта БаІалан динан да волу Матани а вийра цара сагІа доккхучу кхерчашна хьалха.
Выбор основного перевода