Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Синай-лам тІехь Мусаца къамел чекх а даьккхина, цунна Шен куьйгаца язйина йолу тІулган ши экъа елира Везачу Эло. Шамъала халкъе элира: «Гой шуна, Везачу Эло мила хаьржина? И санна верг дерриг халкъана юкъахь кхин вац». ТІаккха наха мохь бетташ бохура: «Декъала хуьлда паччахь!» ТІаккха, тІе а вахана, аса иза вийра, хІунда аьлча суна хаьара, ша охьавоьжначул тІаьхьа, иза кхин вехар воцийла. Цуьнан коьртара таж а, цуьнан куьйга тІера хІоз а, схьа а эцна, аса кхуза схьабеана, сан эла». Цул тІаьхьа динан дас, деза четар чуьра деза хьакхар чохь долу маІа схьа а эцна, и хьакхар Сулиман коьрта тІе доьттира. ТІаккха зурманчаша коьман маІа лекхира. Дерриг халкъо, аз айадеш, бохура: «Вехийла Сулим-паччахь!»
Выбор основного перевода