Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цуьнан ворхІалгІа шо долуш, динан дас ЯхІу-ЯдаІа, паччахьан гІаролхошна а, паччахьан цІийнан гІаролхошна а юкъара хьаькамаш схьакхайкха нах а бахийтина, уьш Везачу Элан цІийне ша волчу схьабалийра. ЯхІу-ЯдаІа цаьрца барт бира. ТІаккха динан дас, Везачу Элан цІа чохь цаьрга чІагІо а яйтина, паччахьан кІант Юаш гайтира царна. Царах вукху кхоалгІачу декъо – Сур олучу кевнехь, ткъа тІаьххьара кхоалгІачу декъо паччахьан гІаролхошна тІехьа долчу кевнехь ха де. Иштта, паччахьан цІенна тІехь аша рогІ-роггІана ха де.
Выбор основного перевода