Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу дийнахь Шехемехь халкъаца барт а бина, дан дезарг цунна тІедиллира ЮшаІа. Исраилан халкъах болу берриг а къаной Дауд волчу Хьевроне баьхкира. Цо цаьрца Хьевронехь Везачу Элана хьалхахь барт бира. Дауд Исраилан халкъан паччахь ван, зайтдаьтта а дуттуш, къобалвира цара. Зурманчаш болу берриге а левихой – Асайп, ХІайман, Ядутун, церан кІентий а, вежарий а – тІехь дуткъачу кІадих дина духар а долуш, цІастанан жима негІарш а, тайп-тайпана дечиган пондарш а лоькхуш, сагІа доккхучу кхерчан малхбалехьа агІор лаьтташ бара. Цаьрца цхьаьна цхьа бІе ткъа динан да вара, турбанаш лоькхуш. Турба лоькхурш а, илланчаш а, цхьаъ болуш санна, эбина мукъам балош лаьттара, Везачу Элана хастамаш а беш, Цунна баркалла а бохуш. Турбанашца а, цІастанан жимачу негІаршца а, кхечу гІирсашца а цхьаьна айдинчу озаца цара Везачу Элана хастамаш бора: «Веза Эла ма дика ву! Цуьнан безам хедар боцуш бу!» Оццу юкъана Везачу Элан цІа мархах дуьзира. И марха бахьана долуш, динан дай шаьш гІуллакх дечохь латта а ца лора, Делан цІа Везачу Элан сийлаллин нуьрах дузарна. ТІаккха ЯхІу-ЯдаІа шена а, халкъана а, паччахьна а юкъахь барт бира, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама.
Выбор основного перевода