Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигахь динан дас ЦІадукъас а, Ната-пайхамаро а Исраил-махкана тІехь паччахьалла дан къобалвийр ву Сулим, коьрта тІе даьтта а дуттуш. Цул тІаьхьа, уьстагІан маІа а локхуьйтуш, дІакхайкхаде: „Вехийла Сулим-паччахь!“ – аьлла. Цул тІаьхьа динан дас, деза четар чуьра деза хьакхар чохь долу маІа схьа а эцна, и хьакхар Сулиман коьрта тІе доьттира. ТІаккха зурманчаша коьман маІа лекхира. Дерриг халкъо, аз айадеш, бохура: «Вехийла Сулим-паччахь!» Цул тІаьхьа дерриг а халкъ, зурманаш а лоькхуш, Сулимна тІаьхьахІоьттира. Массо а халкъана и хІума чІогІа хазахеттера. Церан маьхьарша дерриг а латта дегадора. Куьйгашца гІудалкх юха а ерзош, говраш дІа а лелхош, Йорама элира: «Ахьаз-ЯхІу! Вайна ямартло йина!» БІогІамна юххе а хІоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тІаьхьахІотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу бертан тептар тІера дешнаш кхочуш а деш. ТІаккха дерриге а халкъо чІагІо йира и барт кхочушбан. БІогІамна юххе а хІоьттина, паччахьо Везачу Элана хьалха Цуьнца бина болу барт карлабаьккхира – цо дош делира Везачу Элана тІаьхьахІотта а, шен доллучу даггара, доллучу синца Цуьнан весеташ а, бакъонаш а, парзаш а лардан а, оцу тептар тІехь яздина долу бертан дешнаш кхочушдан а.
Выбор основного перевода