Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха суна дагадеара: „Сан элан дош суна синхьаам беш хуьлийла, хІунда аьлча сан паччахь волу эла Делан малик санна ву. Цо дикачунна а, вочунна а юкъахь башхо ян тарло. Ткъа хьан Веза Дела массо а хенахь хьоьца хуьлийла“, – аьлла». Сулиман назма. Ва Дела! Паччахьна Ахьа йийриг санна кхел ян Іамадехьа, ткъа паччахьалла дечунна Хьайн нийсо лохьа. Хьан адамашна тІехь нийса паччахьалла дойла Цо, ур-атталла гІело хьоьгучу Хьан нахана тІехь бакъдолу олалла дойла Цо. ХІума къасто хаар деха хьайна, гІуллакхах кхетархьама, хьайн аз айаде. Ахьа хьекъалалла, дети санна, лахахь, дІалачкъийначу хазнина санна, хьо цунна тІаьхьаваьлла лелахь, Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хиларх хьо кхетар ву, Дела вовзар хІун ду хьуна хуур ду. ХІунда аьлча Везачу Эло хьекъалалла а ло, хаар а, кхетам а Цуьнан багахула ара а болу. Цо бакъахьа лелачунна ларвар латтадо, Иза кхачаме лелачарна турс санна ву. Цо бакъдолчун некъаш лардо, иштта Шена тешаме болчийн тачанаш а Іалашдо. ТІаккха хьуна бакъдерг а, нийса дерг а, догцІена дерг а девзар ду, иштта, муьлхха а дика некъ а бевзар бу. Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду.
Выбор основного перевода