Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІийлачу кенаша дуьззина долу кенаш дІадиира. Самаваьллачу пирІунна иза гІан дуйла хиира. ЦІадукъассий, Абу-ЯтІариссий Делан тІорказ Ярушалайме юхадерзийра. И шиъ цигахь сецира. ТІаккха цу дийнахь Сулим-паччахьо деза де хІоттийра, дерриг а Исраилан халкъо даздира и де. Берриг а исраилхой гулбеллера цигахь, Хьамат цІе йолуш долчу лаьмнийн дехьадовларан меттигера дуьйна Мисар-мехкан дозанехь долу хина тІекхаччалц. Вайн Везачу Далла хьалха и де даздеш бара уьш ворхІ дийнахь, цул тІаьхьа кхин а ворхІ дийнахь цигахь Іийра уьш и де даздеш. Цара даздеш даьхна денош дерриг а дейтта де дара. Ша паччахьалла дечу кхозлагІчу шарахь Ахьаш-Варуша шен массо а элашний, шена уллохь гІуллакх деш болчарний лерина той хІоттийра. Парсихойн а, мадайхойн а эскарийн хьаькамаш а, паччахьан цІийнах схьабевлларш а, цуьнан олаллина кІел йолчу меттигийн куьйгалхой а бара цу тойнехь. Эзарнашкахь болчу шен уллорчу куьйгалхошна доккха той хІоттийнера Белшацар-паччахьо. Эзарнашкахь болчу хьешашца цхьаьна чагІар мийлира цо. Цкъа ХІарода ша вина де даздечу дийнахь, доккха той хІоттийра, пачхьалкхан а, тІеман а хьаькамаш а, хьалдолу нах а кхайкхина.
Выбор основного перевода