Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІордан йистера гІум йолччул боккха кхетам а, шортта хьекъалалла а деллера Дала Сулим-паччахьна. Малхбалехьарчу дерриг а халкъийн а, берриг а Мисар-мехкан халкъан а хьекъалал а сов дара Сулим-паччахьан хьекъалалла. Иза массо адамал а хьекъалдолуш вара. Сулим-паччахьан хьекъалалла Іезарахьахо волчу Этанан а, Махьалан кІентий болчу ХІайманан а, Калкалан а, ДардаІан а хьекъалаллел а сов дара. Сулим-паччахьан цІеран сийлалла хьалаяьллера гонах долчу дерриг а халкъашна юкъахь. Ша лур ду ма-аллара, Везачу Эло хьекъал деллера Сулим-паччахьна. Иштта машар бара Хьирам-паччахьна а, Сулим-паччахьна а юкъахь. Цара вовшашна юкъахь барт бира. Дуьненна чуьра массо а паччахьал а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. Дуьненна чуьра массо а адамна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. Ас сайн дагахь элира: «Хьажал, сайл хьалха Ярушалаймана тІехь олалла деш хиллачу массарал а чІогІа хьалаваьлла со хьекъалаллица. Дуккха а кхетамалла а, хьекъалалла а тІекхетта суна». Иза бахьана долуш Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. Нагахь вай Цуьнан лаамехь долу цхьа хІума Цуьнга дехахь, Цунна вай бохург дІахезар ду. Вай деххнарг хІуъа а Цунна дІахезаш хилар хууш хилча, вайна хаьа, доьхуш дерг вайн долуш дуйла.
Выбор основного перевода