Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
халкъ дІадуьгун волу а, тІом бечу хенахь нахана тІехь урхалла ден волу а, Везачу Элан халкъ Іу воцу жа санна ца дисийтархьама». Хьан кІант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагІашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цІе Сулим хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса. Цо дийр ду Суна лерина цІа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кІант хир ву. Исраилан халкъана тІехь долу цуьнан а, цуьнан тІаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чІагІдийр ду Аса“. Ткъа хІинца, сан кІант! Хуьлийла Веза Эла хьоьца, Ша хьох лаьцна аьлла ма-хиллара, хьайн Везачу Далла ахь цІа дарна тІехь хьан аьтто боккхийла Цо. Исраилан халкъана тІехь паччахь хьо дІа а хІоттош, Везачу Эло хьуна хьекъал а, кхетам а лойла, хьайн Везачу Делан товрат-хьехам хьоьга ларбайтархьама. Нагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тІедехкинарш а кхочушдан хьо гІертахь, ахьа до гІуллакхаш декъалдина хир ду. ЧІагІ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде. Паччахь дІахІуттучу хенахь Хьузакх-ЯхІун ткъе пхи шо дара. Ярушалаймехь Іаш а волуш, ткъе исс шарахь паччахьалла дира Хьузакх-ЯхІус. Цуьнан ненан цІе яра Аби-ЯхІу, ткъа иза Закри-ЯхІун йоІ яра. ТІаккха аса элира: «Хьалдолу Эла! Суна ца хаьа муха ала деза, со хІинца а дукха жима ма ву».
Выбор основного перевода