Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
нагахь исраилхойх цхьаммо меттамотт болчохь я цул арахь я старгІина, я Іахарна, я газанна, урс а хьаькхна, уьш Везачу Элан четарна хьалха, Везачу Элана лерина сагІа даккхархьама, схьа ца дахьахь, цу стагана тІехь цІий хир ду. Цо цІий Іанийна, цундела иза шен халкъана юкъара эккхор ву. Исраилхошка шаьш эрна арахь урс хьокхуш долу дийнаташ Везачу Элана хьалха, гуламан четаран неІаре, динан да волчу схьадаладайта деш ду иза. Везачу Элана лерина бартбаран сагІина дайа деза цара и дийнаташ. Аша дІалохкуш долчу халкъаша шайн деланашна Іамал еш йолу ерриге а меттигаш – лекхачу лаьмнаш тІера, баьрзнаш тІера, муьлххачу а дІасадаьржина гаьннаш долчу диттана кІелара – йохаяй дІаяха. Церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дагаде, церан цІу-деланаш дІахедабелаш, оцу харцделанийн цІераш а дІаяхалаш оцу меттера. Оцу халкъаша харцделанашна Іибадат даре терра шайн Везачу Далла Іибадат ма делаш. Ткъа Шен цІе йоккхуьйтур йолчу а, шайн Везачу Дала шайн массо а тайпанийн меттигашна юкъахь схьакъастор йолчу а меттигна шу тІе а дерза, цига а дуьйла. Массо а гІуллакхашкахь ЯхІушапти шен ден Асин новкъахула лелаш вара. Иза цу некъа тІера дІа а ца велира, Везачу Элан лаамехь а лийлира. Делахь а, тІехь сагІа доккху гунаш цо дІадахаза дисина дара, ткъа наха кхидІа а оцу гунаш тІехь сагІа а доккхура, хаза хьожа йогІу хІума а ягайора.
Выбор основного перевода