Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд-паччахьо иштта дешнаш элира: „Декъал ву Веза Эла, Исраилан халкъан Дела, тахана сан кІант сан метта паччахь хилла охьахууш суна гайтина волу!“» ТІаккха кхочушдийр ду Дала Ша суна делла долу Шен дош. Везачу Эло соьга аьлла: „Нагахь хьан тІаьхьено доггах, шен доллучу синца Суна хьалха шайн дахаран некъаш тешам хиларца лардахь, даим хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“». Ткъа хьо а лела Суна хьалха, хьайн да Дауд Суна хьалха ма-леллара, дог цІена а волуш, тешаме. Ахьа а Сан дерриг весеташ а, Сан хьехамаш а, Аса тІедиллина гІуллакхаш а кхочушде. Иза дан бакъо ю, цІеначу новкъахула а лелаш, бакъахьараниг а деш, даггара билггал бакъдерг олуш волчун.
Выбор основного перевода