Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «ЛадогІа Сан дешнашка! Нагахь санна шун пайхамарш белахьара, Со царна я суьрташкахь дуьхьал хІуттур вара, я гІенашкахь дуьйцур дара Аса цаьрца. ТІаккха юха а, ГавІон-гІалахь хьалха дуьхьал ма-хІоттара, шозлагІа а дуьхьалхІоьттира Веза Эла Сулим-паччахьна. Веза Эла оьгІазвахара Сулим-паччахьна, шена шозза а дуьхьал хІоьттина волчу Исраилан халкъан Везачу Делехьара цо шен дог дІадерзадарна. Цо цу гІуллакхах лаьцна ойла ечу хенахь, цунна гІенах Везачу Элан малик дуьхьалтесира. Малико элира: «Даудан кІант Юсуп, Марем хьайна дІайига ма кхера, хІунда аьлча цуьнан кийрахь долу бер Делан Синах схьадаьлла ду.
Выбор основного перевода