Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа динан да волу ЦІадукъа а, динан дай болу цуьнан вежарий а Дауда битира ГавІонан гу тІехь долчу Везачу Элан цІа чохь. Ткъа яьссачу аренгахь Мусас дина долу Везачу Элан четар а, дийнаташ дагоран сагІа доккху кхерч а цу хенахь ГавІон-ломан сагІа доккхучу гу тІехь лаьтташ бара. Иштта Сулим а, берриг а гулбелларш а ГавІон-гІаларчу гу тІе бахара, хІунда аьлча Везачу Элан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь ша волуш дина гуламан четар цигахь хІинца а лаьтташ дара. ТІаккха, гуламан четар долчу, Везачу Элана хьалха, оцу цІестан кхерча тІе а кхаьчна, цунна тІехь эзар дийнат а дагош, сагІа даьккхира Сулим-паччахьо. ТІаккха Сулим-паччахь ГавІонерачу гу тІехь долчу гуламан четар долчуьра Ярушалайме юхавирзира. Цо исраилхошна тІехь паччахьалла дира.
Выбор основного перевода