Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эпрат-хин тІера дІадоладелла пІелаштамхойн махкана тІекхаччалц а, Мисар-мехкан дозане кхаччалц а йолчу меттигашкарчу массо а паччахьна тІехь олалла дора Сулим-паччахьо. Оцу пачхьалкхаша Сулим-паччахь дІакхалхалц массо а тайпана сурсаташ а, кхин долу хьал а латтадора, гІуллакх а дора цунна. Сулим-паччахьна а, паччахьан цІентІехь цунна гІуллакх деш болчарна а, хІора дийнахь юучунна оьшуш йолу хІума иштта яра: бІе шовзткъе итт гали кІен дама а, кхо бІе гали кхин тайпана долу дама а, итт бустийна сту а, жа тІера цхьа бІе уьстагІ а. Уьш доцург кхин а сеш, масарш, лунаш, дустийна зІакардаьхни а дара. Сулим-паччахьан олаллехь дара Эпрат-хина малхбузехьара агІор болчу Тапсахь-гІалара дуьйна Іази-гІала кхаччалц долу мехкаш. Оцу Эпрат-хина сехьа агІор долчу мехкашкара паччахьашна а тІехь олалла деш вара Сулим-паччахь. Гонах долчу кхечу дерриг а мехкашца а машарехь Іаш вара Сулим-паччахь. Дуьненна чуьра массо а паччахьал а инзаре дукха хьал а, хьекъалалла а долуш вара Сулим-паччахь. Дуьненна чуьра массо а адамна лаьара Сулим-паччахь ган, Дала цунна делла долу инзаре хьекъалалла шайна хазийтархьама. Шо шаре мел долу дукха адам догІура Сулим-паччахь гархьама, шаьш богІуш цара хІораммо а совгІаташ дахьара: детих а, деших а йина хІуманаш, тІеюху бедарш, герз, хаза хьожа йогІу хІуманаш, говраш, бІарзанаш. Чкъургаш йолу дойн гІудалкхаш а, говраш а гулйинера Сулим-паччахьо. Дойн гІудалкхаш цхьа эзар йиъ бІе яра, шийтта эзар говр яра. Оцу говрех цхьаерш царна къастийна тойинчу меттигашкахь, ткъа кхиерш Ярушалайм-гІалахь дІахІиттайора Сулим-паччахьо. Детин барам тІулгаш долччул дукха хилла дІахІоттийра цо Ярушалайм-гІалахь. Лаьмнийн кІажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисдина дІахІоттийра Сулим-паччахьо. Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду.
Выбор основного перевода