Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІу ИзраІал-гІала кхечира. Ткъа Изабал, шена и хаам беанчу хенахь, бІаьргашна тІе басарш а хьекхна, шен месаш то а йина, корехула арахьоьжуш лаьтташ яра. ЯхІу кевнах чоьхьаваьлча, Изабала элира: «Хьо машарца вогІий те, хьайн паччахь вийна волу Зимари?» Шен юьхь корехьа а ерзийна, ЯхІус хаьттира: «Мила ву кхузахь, соьгахьа верг?» – аьлла. Корах арахьаьжира паччахьан цІийнара ши-кхо ялхо. ЯхІус элира: «Корах аратаса иза». Изабал аратесира. Пенна тІе а, говраш тІе а деттаделира цуьнан цІийн тІадамаш. Изабалан дегІа тІехула шен гІудалкх яьккхира ЯхІус.
Выбор основного перевода