Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. ЯхІудхойн паччахьо Асас олалла до ткъе берхІитталгІа шо дара, Іумарин кІант Ахьаб исраилхойн паччахь хилла дІахІоьттича. Шамран-гІалахь Іаш а волуш, Іумарин кІанта Ахьаба ткъе шина шарахь исраилхошна тІехь олалла дира. Іумарин кІант Ахьаб шел хьалха хиллачу паччахьел а тІехвелира Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дарна тІехь. ХІинца ахьа, хьайн ялхой а бахийтий, дерриг а Исраилан халкъ а, Изабала дола деш волу БаІал-делан виъ бІе шовзткъе итт пайхамар а, Ашера-делан виъ бІе пайхамар а схьагулвайта Кармал-лома тІе суна хьалха». (Шен зудчо Изабала шен лере дуьйцучуьнга ла а доьгІуш, Везачу Элана зуламе хеташ дерг дарна шен дог тІедерзийна волу Ахьаб-паччахь саннарг хІетталц ваьлла а вацара. Амма ЯрбаІаман цІийно исраилхошка летадайтинчу къиношна тІера дІа ца бирзира уьш. Цара и къинош кхидІа а летадора. Ткъа цара дела санна лоручу цІу-зудчунна Ашерана лерина болу дечиган бІогІам Шамран-гІалахь кхидІа а лаьтташ бара. Шен дас Хьузакх-ЯхІус дохийна дІадаьхна долу сагІа доккху гунаш юхаметтахІиттийра цо. Иштта цо, исраилхойн паччахь волчу Ахьаба санна, БаІална сагІа доккху меттигаш а кечйора, Ашерана лерина болу дечиган бІогІам а дІахІоттабора. Цо стигалшкахь мел болчу ницкъашна, суждане а оьхуш, Іибадат дора.
Выбор основного перевода