Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иссарханан тайпанах волчу АхьъяхІун кІанта БаІшас, Надаб-паччахьна дуьхьал ямартлонца барт а бина, иза пІелаштамхойн Габитун-гІалахь вийра. Иза дара Надаба а, массо а исраилхоша а Габитун-гІалина го бинчу хенахь. БаІшас, ша паччахь дІа-ма-хІоьттина, ЯрбаІаман берриг а доьзал хІаллакбира. ЯрбаІаман цІийнах цхьа а дийна ца вуьтуш, Везачу Эло Шен ялхо волчу а, шилунхо волчу а АхьъяхІугахула аьлла ма-хиллара, уьш берриш а хІаллакбира цо. Хьананин кІант волчу ЯхІу-пайхамаре Везачу Эло, БаІша-паччахьна лерина хаам а беш, элира: Цунна дуьхьал ваха аравелира Делера дерг гуш волу Хьананин кІант ЯхІу-пайхамар. Цо паччахье элира: «Веза Эла ца везачу, Іесачу нахана гІо дан дезарий те ахьа? И бахьана долуш Везачу Эло оьгІазло йина хьуна.
Выбор основного перевода