Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен иштта дешнаш аьллера Везачу Эло Хьананин кІант волчу ЯхІу-пайхамарехула БаІше а, цуьнан цІийнах болчаьрга а, цо деш долу Шена зуламе хета массо а гІуллакхаш бахьанехь. Ша дечу гІуллакхаш тІехь иза ЯрбаІаме тарваларна а, иштта, ЯрбаІаман цІа хІаллакдарна а, БаІшас Веза Эла чІогІа дарвора. Цунна дуьхьал ваха аравелира Делера дерг гуш волу Хьананин кІант ЯхІу-пайхамар. Цо паччахье элира: «Веза Эла ца везачу, Іесачу нахана гІо дан дезарий те ахьа? И бахьана долуш Везачу Эло оьгІазло йина хьуна. ЯхІушаптин кхидолчу гІуллакхех лаьцна – дуьххьарлерчунна тІера тІаьхьарчунна тІекхаччалц – яздина ду Хьананин кІант волчу ЯхІун дІаяздинарш тІехь. Уьш исраилхойн паччахьийн тептарна юкъа дахийтина.
Выбор основного перевода