Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан мехкарий хьайн кІенташна ма балабе, Везачу Элера дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттар цу мехкаршка хьайн кІенташна ца Іамадайта. Гергарлонаш а ма тийсалаш цаьрца. Шайн йоІарий церан кІенташка а ма бахийталаш, церан йоІарий шайн кІенташна а ма балабелаш. (Шен зудчо Изабала шен лере дуьйцучуьнга ла а доьгІуш, Везачу Элана зуламе хеташ дерг дарна шен дог тІедерзийна волу Ахьаб-паччахь саннарг хІетталц ваьлла а вацара. Везачу Эло Исраилан халкъана дуьхьалара дІабаьхна болчу эмархоша, цІушна Іамал а еш, лелийна хилла доллу гІуллакхаш леладора Ахьаб-паччахьо а.) ЯхІус дерриг а халкъ схьагулдира. Цо халкъе элира: «Ахьаба кхоччуш Іамал ца йора БаІална, ткъа ЯхІус цунна гІуллакх дар совдоккхур ду. Халкъо шайн Везачу Делан весеташ дІатеттира. Цара шайна деших доьттина ши эса а дІахІоттийра, Ашера-харцдалла лерина болу дечиган бІогІам а бира. Цара стигалшкахь мел болчу ницкъашна Іибадат а дора, БаІал-харцдалла Іамал а йора.
Выбор основного перевода