Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цундела Аса ЯрбаІаман цІенна тІе бохам боуьйтур бу. ЯрбаІаман цІентІера хІора боьрша стаг – чувоьллина я маьрша иза велахь а – хІаллаквийр ву Аса. Чим ца буьтуш, ягийна кхелли санна, дамардарц дина дІадоккхур ду Аса ЯрбаІаман цІа. БаІшас, ша паччахь дІа-ма-хІоьттина, ЯрбаІаман берриг а доьзал хІаллакбира. ЯрбаІаман цІийнах цхьа а дийна ца вуьтуш, Везачу Эло Шен ялхо волчу а, шилунхо волчу а АхьъяхІугахула аьлла ма-хиллара, уьш берриш а хІаллакбира цо. Цо, ша паччахь а хилла, олалла дан вола-ма-велли, БаІшин дерриг а цІа хІаллакдира. БаІшин цІийнах болчу цуьнан гергарчарна а, доттагІашна а юкъара цхьа а боьрша стаг дийна ца витира Зимарис.
Выбор основного перевода