Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца Аса дІавоккхур ву хьо а, цуьнан цІийнах мел верг а. НабатІан кІентан ЯрбаІаман цІенна диннарг дийр ду Аса хьан цІенна а. Цунна дуьхьал ваха аравелира Делера дерг гуш волу Хьананин кІант ЯхІу-пайхамар. Цо паччахье элира: «Веза Эла ца везачу, Іесачу нахана гІо дан дезарий те ахьа? И бахьана долуш Везачу Эло оьгІазло йина хьуна. ЯхІушаптин кхидолчу гІуллакхех лаьцна – дуьххьарлерчунна тІера тІаьхьарчунна тІекхаччалц – яздина ду Хьананин кІант волчу ЯхІун дІаяздинарш тІехь. Уьш исраилхойн паччахьийн тептарна юкъа дахийтина.
Выбор основного перевода