Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дора. Шен дас лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора. БаІша-паччахьо Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш дора. Шен дас ЯрбаІама лелийна некъаш цо а леладора, ткъа шен дас исраилхошка латадайтина къа цо а латадора. Иза иштта хилира, Зимарис Везачу Элана зуламе хета гІуллакхаш лелорна а, ЯрбаІама летийна доллу къинош а летош, иза цуьнан некъашца леларна а. ЯрбаІама санна, цо а къинош летадайтира Исраилан халкъе. Іумари-паччахьан парзаш а, Ахьаб-паччахьан цІийнан массо а гІуллакхаш а ахь лардарна а, церан ламасташца шу леларна а, Ас хьо, йохийна, яссор ю, ткъа хьан бахархой, шок а лоькхуш, боьлуьйтур бу. Сан халкъан сийсазалла ахь а хьоьгур ю».
Выбор основного перевода