Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриг а Исраил-махкахула дІасабаржийра ЯхІус и хаам. БаІална Іамалъеш болу массо а нах схьагулбелира. Ца вогІуш цхьа а ца висира. Уьш БаІалан цІа чу бевлира. И цІа цхьана йистера вукху йисте кхаччалц дуьзира. Цу чуьра цІу-делан дечиган бІогІам ара а баьккхина, иза багийра цара. Иштта кегбира БаІална хІоттийна тІулг а, дохийра БаІалан цІа а. И меттиг хІинца а цІанонна воьду меттиг ю.
Выбор основного перевода