Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Геннара, дуьненан йистера, халкъ тІехоьцур ду шуна Везачу Эло. Аьрзу санна, тІелеттачу цу халкъан мотт хуур бац шуна. И нах къиза хир бу, воккханиг а ца лоруш, жиманиг а ца кхоош. ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до цхьайтталгІа шо тІекхаччалц гІала го бина лаьттира. Цу шеран боьалгІачу беттан уьссалгІа де тІекхаьчча, дІахІоьттина мацалла гІалин бахархошна даа хІумма а ца дуьсуш чІогІа яра. МостагІчо гІалин пенах доккха Іуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тІемалоша дІабовда кечам бира. Хашадхой гІалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гІали чуьра араделира. Иза дедда Іариба-тогІи чу дІадахара. ТІаккха хашадхойн эскар паччахьна тІаьхьаделира. Ерихон-гІалин аренашкахь уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера массо а тІемало цунна уллора дІасаведира. ЦІадукъ-ЯхІу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гІала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. ЦІадукъ-ЯхІун кІентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бІаьрг а баьккхина, цІестан буржалш а тоьхна, Бавеле дІавигира. Тхан дайшкара дуьйна таханлера де тІекхаччалц, оха даккхий къинош летийна. И къинош бахьана долуш тхо а, тхан паччахьаш а, тхан динан дай а кхечу махкара болчу паччахьийн кара дІаделира Ахь. Уьш тхуна тІе а летара, тхан нах цара дІа а буьгура, тхуна цара талораш а дора, тахана а ма-даккхара, сийсаза а дохура. qac Кqac*уьг цунна тІе ма кховдийна буьрсачу мостагІчо, Ярушалайман халкъан мехала мел йолчу хІуманна тІе. Хьан деза долчу цІа чу боьлхуш го цунна кхечу къаьмнех берш. Царах лаьцна Ахь омра ма дина, Хьайн гуламан метте ма дуьйла аьлла. qac Пqac*Іелг Шен меттахбаккхарца дІатеси Хьалдолчу Эло Суна чохь карийна мел болу сан нуьцкъала тІемалой. ТІаккха суна дуьхьал Цо эскарш дІахІиттий, Цаьрга хІаллакбайтархьама сан къона тІемалой. Мутт доккхучу гІирсо санна, Цо дІахьаьши яхІудхойн йоІ йолу и Ярушалайм-гІала. Тхан зударий а хьийзабо мостагІаша Цийонехь. Тхан мехкарий а хьийзабо цара ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь. Тхан элий а мостагІаша ирхъоьхкина, тхан къаной а хІинца ларам боцуш бу. Къоначаьрга а цара хьеран тІулгаца ялта охьуьйту. Ткъа дечиган мохь беза хиларна, кегий нах охьаоьгу. Къаной а ма бац хІинца гІалин кевнашкахь охьаховшуш. Кегий нах а ма бац шайн зурманаш лоькхуш.
2. Паралипоменон
Выбор основного перевода