Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Амма цара ла ца дугІура. Уьш а, шайн Везачу Делах тешар доцу шайн дай санна, аьрхабевллера. ХІинца дуьйна шайн дайн санна къиза дегнаш долуш ма хилалаш, ткъа Везачу Элана муьтІахь хилалаш. Цо гуттаренна а даздина долчу, Цуьнан цІенна тІе дуьйла. Шайн Везачу Далла гІуллакх де, тІаккха Цо Шен чІогІа йолу дералла шуна тІера дІайоккхур ю. Делахь а Ярушалайм-гІалин а, ЯхІуд-мехкан а бахархой Шена уллора дІататтал чІогІа оьгІазваханера Веза Эла. Иштта ЦІадукъ-ЯхІу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира. Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гІоьртира. Цо гІо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГІуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тІаьхьа, таІзарх кІелхьарвала?“» Амма яхІудхойн паччахь кІелхьарвер вац, хІунда аьлча цо, ша делла дош кхочуш а ца деш, бина барт бохийна».
2. Паралипоменон
Выбор основного перевода