Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Хашадхоша дохийна дІадехира Везачу Элан цІенна хьалха долу цІестан бІогІамаш а, цІийнан кертахь меттахйохуш йолу цІестан бухахІотторгаш а, иштта цІестан хІорд а. Дерриг а цІаста цара Бавеле дІадаьхьира. Цара иштта дІадаьхьира тесаш а, белаш а, тукарш а, хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу кедаш а Везачу Элана лерина гІуллакх дечу хенахь лелош хилла йолу цІастанах йина мел йолу пхьегІаш а. Деших а, детих а мел йина хІуманаш а дІаяьхьира паччахьан гІаролхойн хьаькамо, царна чуйогІура богуш болу кІора дІасакхоьхьу нойш а, цІий чудутту боганаш а. Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху цІестан бІогІамех а, цІестан хІордах а, цІестан кІелхІотторгех а, иштта хІокху гІалахь йисначу кхийолчу хІуманех лаьцна. «Уьш Бавеле дІахьур ю, царна тидам бан беза Аса сацам бечу денна тІекхаччалц уьш цу гІалахь а хир ю, – боху Везачу Эло. – Цул тІаьхьа Аса оцу метте уьш юха йоуьйтур ю».
2. Паралипоменон
Выбор основного перевода