Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
2. Паралипоменон
Параллельные места
Везачу Эло Шен массо а пайхамаршкахула а, хиндерг гуш волчуьнгахула а, Исраилан халкъе а, ЯхІудан халкъе а дІахьедар а деш, аьллера: «Шаьш лелачу зуламечу некъаш тІера юхадовла, Аса шун дайшна тІедиллина долу а, Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула шуна дІабеллачу товрат-хьехамна тІехь долу а Сан весеташ а, парзаш а ларде». И дерриг а вонаш деш шу лелаш долчу хенахь, – боху Везачу Эло, – Аса дукхазза а бехира шуьга, амма аша ла ца дуьйгІира. Со шуьга кхойкхура, амма аша Суна жоп ца лора. Шун дай Мисар-махкара арабевллачу хенахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц Аса Сайн ялхой болу пайхамарш оьхуьйтура шу долчу. Аса уьш шу долчу кест-кестта бохкуьйтура. Мисар-махкара Аса шун дай арабаьхначу хенахь дуьйна, хІара де тІекхаччалц Аса шун дайшка юх-юха а дІахьедар дора: ‘ЛадогІа Соьга’, – бохуш. «ЯхІудхойн паччахьо Аминан кІант Юши-ЯхІус паччахьалла до кхойтталгІачу шарахь дуьйна таханлера де тІекхаччалц – ткъе кхаа шарахь – соьга Везачу Элера хаамаш кхочура. Аса шуьга юх-юха а и хаамаш дІакхайкхабора, амма аша ла ца дугІура Соьга. Везачу Эло Шен ялхой болу пайхамарш юх-юха а шу долчу бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла а ца дугІура, уьш тергал а ца бора. Аса дукхазза а шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, амма аша цаьрга ла ца дугІура. ХІинца церан дешнашка аша ладогІа деза! Иза царна хир ду цу наха Соьга ла ца доьгІна дела, – боху Везачу Эло. – Цара ла ца дугІура Аса шайга дукхазза а Сайн ялхой болчу пайхамаршкахула бахьийтинчу хаамашка. Ткъа йийсаре дІадигна долчу аша а оцу хаамашка ла ца дугІура“, – боху Везачу Эло. Исраилан халкъан Везачу Далла соьга элира: «Сан карара хІара оьгІазаллин чагІар чохь долу кад дІа а эций, Аса хьо вохуьйтучу меттехь дехаш долчу массо а халкъашка цу чуьра малийта. Мосуьйттазза шу долчу Сайн ялхой болу пайхамарш бохкуьйтура, Сайн цІарах дІаала: ‘Ма леладе Суна ца дезаш долу и дегаза хІума’. Стигаларчу ницкъашна тІелаттал чІагІ а елла, стигаларчу ницкъийн а, седарчийн а цхьадолу дакъа лаьтта охьа а дожийна, хьийшира цо. ТІаккха цо кхин а хьалха бахийтинчул сов ялхой бахийтина. Цаьрца а изза „гІиллакх“ хІоттийна кемсашлелорхоша.
2. Паралипоменон
Выбор основного перевода